Шеман къилбера Эс-Сувайдехь саццаза тийсадаларш ду дIадоьлхуш шемахойн друзашна а, меттигерчу Iарбойн тайпашна а йукъахь, "маса герзаш совцаде" аьлла, ханна хIоттийначу пачхьалкхан президенто аш-ШараIа Ахьмада товбеца-беттан 19-чохь раж кхайкхийнашшехь.
Эс-Сувайдехь друзийн а, Iарбойн тобанийн а, Димаьшкъара пачхьалкхан эскарийн а хиллачу тIеман тасадаларшкахь велларг ву цхьа эзар бIе стаг сов. Лондонехь куп тоьхначу адамийн бакъонаш тIехь мониторинг латточу шемахойн центро бина и хаам. ТIаьххьарчу деношкахь, Эс-Сувайдехь тIом сацош Шемана а, Изаилна а йукъахь маслаIат хиллачул тIаьхьа, регионехь ницкъбар сацийнера- амма йуха керлачу ницкъаца жигарадаьккхира Iазапаш лелор.
ТIаьххьарчу кIиранчохь 600 друз вийна, шайлахь 300 гергга маьрша вахархо а волуш. ЧIагIдарехь, уьш байина хилла цхьана агIор аш-ШараIан куьйгакIел йолчу ницкъалин структурийн векалша. 300 гергга Iедалхойн эскархой а, полисхой а, 80 сов Iарбой-бедуинаш а байина ишта.
Эс-Сувайда провинцера друзийн эвлахь бу бедуийнин гIаттамхой, 2025-чу шеран товбеца-беттан 18-гIа де
Мел лахара а 15 стаг вийнера израилхойн ВВС-но динчу тохарша. Друзийн йоккха йукъаралла йеха Израилехь, пачхьалкхан Iедалхоша дIахьедо, оцу этноконфессин тобанан векалш Iалашбан лерина ду шаьш шемахойн территори тIехь Израилан дозанаш тIехьа а.
Товбеца-беттан19-чохь бедуинийн тайпанийн векашла хаамбира, шайн тIеман тобанаш Эс-Сувайда гIаличуьра арайахарх. Пачхьалкхан Iедалхоша а дIакхайкхийра хьалхо Эс-Сувайдера эскарш арадахарх лаьцна. Друзашна тIаьхьабовларна Димаьшкъа бехкейарна тIедожийнера и Израило, ишта бехк баьккхира шайн дуьхьалончашна, бедуинашна де-факто Iедалхойн эскарша гIо деш хиларна а. Амма тIаьхьо бедуинаша йуха шаьш тIелатар дира.
Коьртачу Iедалхоша хIинца а контрол латтош йац Шеман территорин цхьана декъана тIехь. Асад Башаран Iедал доьхна, Iедале аш-ШараIаа коьртехь а волуш исламистийн гIаттамхой баьхкинчул тIаьхьа Шемахь къаьмнашна а, динашна йукъахь масийттаза ницкъбар нисделира. Iарбой-сунниташ боцурш (кеп-кепарчу тайпашна йукъара 80 процент, ишта 300 эзар палестинхойн мухIажарш а ), пачхьалкхехь бехаш курдаш а бу (уггар а кIезиг долу къам, 10 процент сов), друзаш а, алавиташ а, туркоманаш (туркменаш), Iарбой-керстанаш (тайп-тайпанчу конфессешкара, католикашна а, протестанташна а тIера кеп-кепарчу православин килсашна тIе кхаччалц), эрмалой, ассирийцаш, ишта дуккха а кхинберш а.
Ханна президент волчу Ахьмад аш-ШараIа Ӏуналла ден Iедалхойн эскаран тIемалой бу КПП-хь. Эс-Сувайда провинци, 2025 шеран товбеца-беттан 20-гIа
Шеман къилбаседехь цӀий Ӏанор доладелира товбеца-беттан 11-чу сарахь меттигерчу вовшашца цабезам болчу бедуинийн Ӏаьрбаша а, друзаша а бӀешерашкахь шайна йукъахь дов лаьттинчу регионехь цхьа могӀа нах лечкъийна а, хIаллакбинчул тIаьхьа а. Доккхачу декъана герзаца болчу бедуинаша тIелатар динера друзийн совдегаран ораматийн машенна. Цунна къола динера, машенлелорхочуна йиттинера – цул тIаьхьа буьйлабелира друзаш бекхам бан.
Друзийн тӀемалоша тӀелетарш дан долийра бедуинийн йарташна, маьрша нах бойъуш, лечкъош, гӀело йеш, шайна йукъахь зударий а, бераш а долуш, бисина кхиберш бовда декхаре а беш. Интернетехь видео а, сурт а даржийра, масала, цхьа друзийн гIаттамхо ву бӀогӀам тӀе оьллинчу, дакъазадаьккхинчу докъана уллохь, вукхо шен карахь латтош бу цхьана беран баьккхина хилла корта. Кхин цхьана видео тӀехь гойтуш ду, чIагIдарехь, друзаша шайн машенийн капоташ тӀехь бедуинийн декъий дIасалелош. Оццу хенахь, къаьмнашна йукъара нах байарна друзаш бехке беш болу бедуинаша, царна дуьхьал бекхам беш, церан нах беха меттигаш хIаллакхйан йолийра.
Ас-Сувайдан провинци (мухафаза) исторехь иштта йевзаш йу шина цӀарца: Джабал ад-Дуруз ("Друзийн лаьмнаш") а, Джабал ал-Араб ("Ӏаьрбийн лаьмнаш") аьлла. Друзаш — къевлина Iарбойн этноконфессионалан тоба йу (амма шаьш Ӏаьрбой ца лору цара), друзизман дин лелош йолу. Чолхе дин ду и, хьалха шиӀатийн сектан исмаилитийн генаш хилла (тахана друзаш теша, масала, синош хаддаза дӀасалела декхарийлахь хиларх).
Шеман къилбехь (ишта Израило аннекси йинчу Голанан лакхенехь а, цунна уллорчу къилба-малхбузен лттанаш тIехь а) дуьххьара гучубевлира друзаш XIX-чу бIешерашкахь, хIетахь луларчу, тахана Ливан олучу пачхьалкхан къилбера схьабаьхкинера уьш. ХIетахь и доллу латтанаш Iосманан империн дара. Меттигера дукхахболу бедуинаш друзаша катоьхна бартаза арабехира – цул тIаьхьа царна йукъара мостагIалла сецна а дац.
Кхечу хӀуманашца цхьаьна Ас-Сувайда провинци наркотикаш йухку мехала центр йара, хӀинца а йу, шайна йукъахь Шемахь Асад Башаран Ӏедалехь хиллачу хенахь индустрин барамехь арахоьцуш хилла фенитиллин а, овхӀанхойн героин а, меттигера гашиш а йолуш. Цу регионерчу дуккхаъчу говзанчийн бух бу Шемарчу друзийн синан хьалханча шейх ХӀикмат ал-ХӀижри а наркотикаш йохкарехь дакъалоцуш ву аьлла хета.
Х машанера пост, цу тӀехь йаздина ду: "Эс-Сувайдан динан хьалханчас ХӀикмат ал-ХӀижрис кхайкхам бо курдойн Ӏуналлехь йолчу Шеман малхбалерчу декъе коридор кхолла, ткъа иштта дехьавала Урдунца доза кхолла аьлла. Цо йухакарлайоккхур йара Асадан наркоиндустрин эпоха тоххара ма-хиллара. Цунна муьтIахь болчу гIаттамхошна ахча латто таро лур йара цунна".
Малхбалера хьал толлучу политолого, регионан говзанчас Семенов Василийс Свобода Радион оьрсийн сервисна йеллачу интервьюхь дийцина, мел хьарчаделла ду Эс-Сувейдера хьал, мел хала хир ду и меттадало Димаьшкъан коьртачу Iедалхошна:
– Эс-Сувайдахь дуккха а нах бойуш, лечкъош хьал талха доладелча, Димаьшкъана муьтIахь долу эскарш даьхкира цига, къепе меттахIоттон аьлла. Амма, даим а хуьлуш ма-хиллара, цхьаъ ца нисделира. Билгалдаккха догIу, шемахойн друзашна йукъахь а барт цахилар. Хетарехь, царех дукхахберш тIаьххьарчу эхашарахь дог-ойла йолуш хиллера Димаьшкъаца йукъарло лело, уггар а хьалха луущ йара и друзийн шуьйрачех йолу "Риджал-аль-Къарама" тоба. Церан лидеро Лаис-ал-Балуса къамел до аш-ШараIа Ахьмадца, дIатоьтту Израил йукъагIертар, Шемахь цхьаалла хилийта лууш ву иза.
X машанера пост, текстца: "Друзийн лидеро Лайт ал-Балуса, Aljazera TV телеканалана интервью луш, йийцарейо йукъараллин Шеман Ӏедалца йоьзна йолу позици. Цо билгалдоккху, цхьаболчу наха дерриг а друзийн халкъан цӀарах политикан ловзарш дӀахьош хилар, царна йукъахь барт эгIош, Шема йекъа йеза бохуш, кхайкхамаш а беш. Ал-Балуса тIечIагIдо, ша шемахойн Iедалхошкахьа хилар, цунна хетарехь, Шеман халкъан сатийсамаш а, баланаш а бовзуьйту цо. ЧӀогӀа дуьхьало йо цо Израилан Шемана йукъагӀертарна а, арахьара пачхьалкхаш Шема юкъагӀерта йеза бохуш, бечу муьлххачу кхайкхамашна а".
Даим а аш-ШараIана дуьхьал хилла ву уггар а хьалха динан хьалханча ХьикматI ал-Хьиджри а, цуьнан "Эс-Сувайдан тIеман кхеташо" а. Раж йоххалц йеххачу заманчохь йукъарлонаш дара церан Асадца. Дуьххьара ду оцу друзаша керлачу рожан эскарш Эс-Сувайде 2025-чу шеран йуьххьехь чу ца дитар. ХIинца цара тIедожийна Димаьшкъана йоллу автономи ло аьлла, уьш реза бу шемахойн гIуллакхашна йукъа Израил гIортарна. Тоххара аш-ШараIа Ахьмад "боьха террорхо" ву элира масийтаза ал-Хьиджрас.
Дахначу кIиранах, Iедалхойн эскаран ковра гIали чу кхаьчча (доккхачу декъана гIуран-баттахь толам баьккхинчу "Хьайат Тахрир-аш-Шам" тобанан хилла тIемалойх лаьтта), ал-Хьиджран агIончаша кIело йинера, дуккха а эскархой бойуш, чевнаш йеш. Цул тIаьхьа гIали чохь долийра друзаш байар, царна тIехь Iазапаш хьегар, уьш сийсазбар – доккхачу декъана, даим а санна, къаьсттина дукха зенаш хилира цхьана а хIумана гунахь боцчу маьршачу бахархошлахь.
– Олийла дуй, аш-ШарIан эскарш ишта а, вуьшта а друзийн мостагIашна меттигерчу бедуинийн тукхамийн агIор дара?
Шемахойн керла арми лаьтта, шайн дахарехь бахархошна йукхахь лаьттина къиза тIом бен кхин хIума гина боцчу нахах
– Хила тарло, аш-ШараIа омра делла хила провинцера а, изза цIе йолчу шахьарера а хьал шайн контроле эца аьлла, вовшашна дуьх-дуьхьал лаьтта ницкъаш дIаса а бохуш, ницкъбар саца а деш. Делахь а, шемахойн керла арми лаьтта, шайн дахарехь бахархошна йукъахь лаьттина къиза тIом бен кхин хIума гина боцчу нахах. Царах дукхахберш исламисташ, сунниташ хилла бисина бевлла, къаьсттина цхьа могIа командираш, ханна хIоттийначу шемахойн президентана кхин башха муьтIахь боцу.
Интернетехь йаьржина инзаре видео йу, цу тIехь Iедалхойн ницкъийн эскархоша автоматаш тIе а хьийсош, "АллахIу Акбар" бохуш, маьхьарий а детташ, могIархойн духар тIехь долу нах лекхачу балкона тIера чу кхийсаболуьйту. Цара хьем бича, царна тIе герз а детташ.
Оцу доллучо а карладоккху изза, стохка зазадокху-баттахь Латакия провинцехь хилла цIий Iанор.
ХIетахь Асад Башар волчу заманчохь элита а хилла, шайн дегнашчохь цунна тешаме бисина къайлабевллачу алавиташа керлачу Ӏедалан эскаршна а, хьаькамашна а тIелетарш долийра. Ткъа цул тӀаьхьа Димашкъера меттигерчу сунниташна гӀо дан баьхкинчу тӀеман ницкъаша баккъалла а алавиташ байа болийра. Цигахь а хилла сунниташна бекхамаш беш, амма гуш дара, зе хиллачарна йукъахь алсам алавиташ хилар.
– Цул тIаьхьа, вайна хууш ма-хиллара, хIинцале а Эс-Сувайде чудахка ларийначу, йа цуьнан йистошкахь хиллачу шемахойн Iедалан эскарша тIелетарш долийра израилхойн ВВС-на. Эххар а аш-ШараIан ницкъаш провинцера дIабахара, Эс-Сувайд йуха а йисира друзийн тIемалойн карахь – цу тIе вовшашца мостагIала лело а ларош болчу?
– Цкъа делахь, гIалин цхьа дакъа хIинца а меттигерчу бедуинийн карахь ду, уьш цхьанхьа а ца бахна, цара и латта шайн ду боху. Цара дуй биъна, буьззина толам шаьш баккхалц, цигахь кофе ца мала. Бедуинашна и бохург хIун ду хаьий хьуна?
Димаьшкъара керлачу Iедалца йукъарло лело лууш хиллачу Лаис ал-Балусан "Риджал ал-Карама" тобанан тIемалой хIинца хIун деш бу, хууш дац. Царна даккхий зенаш хилла, церан ницкъаш хIаллакбина бохуш, хаамаш бу. Оцу йукъанна хаамаш бо, бедуийнин дукххахдолу тукхамаш хIинцале а Шеман къилба-малхбалера къилбе дIабаха дагахь бу, шайн вежарий "друзех кIелхьарбаха".
"Хила тарло, тӀаьхьарчу хенахь Ӏедалан ницкъийн леларо дукхахболу друзийн Израилца кхин дӀа а йукъарло лело ойла чIагIйина хила, уьш тешийна хила а тарло, йуьззина автономи а, шайн эскар а царна дитахь, тIаккха бен кхерамзалла латто гарантеш хирг цахиларх", - аьлла хета Семенов Василийна.
Эс-Сувайда провинцехь товбеца-беттан 19-чу суьйранна цIеххьана ницкъбар жигарадаьккхича, Шемара доллу кегий къаьмнийн а, динийн векалийн а хьолана Израило йуха а ша саготта хилар дIахаийтира. "Аш-ШараIа куьйгалла а деш, Шемахь кегийчу къаьмнийн векал хила, хуьлийла и курд, друз, алавит, йа керста, чIогIа кхераме ду. Цунна масийтаза тоьшалла дира тIаьххьарчу йалх баттахь", - дIахьедира Израилан арахьарчу гIуллакхийн министро Саар Гидеона. Оцу йукъанна Reuters агенталлин хаамашца, израилхойн Iедалхоша цхьана ханна бакъо йелира цхьаболчу шемахойн чоьхаьрчу кхерамзаллин ницкъашна Эс-Сувайде 48 сахьтана йухабахка.
Оцу заманчохь йоллу Эс-Сувайда провинцехь кхиъна йогIу гуманитаран катастрофа – кIира сов хан йу цигахь кхачанан сурсаташ, ток, молханаш, йагорг, ур-атталла хи а цхьаьна доцу. Йац цигахь интернетан зIе а. ТIеман дараш хиларна а, цIераш тийсарна а нах бехачу Эс-Сувайда гIалин декъана чIогIа вон зенаш хилла. Шемахойн ЦIен Ахбутт организацино гуманитаран ковра хьажийна цига 32 кир лелочу машенах – хи, дама, молханаш, йагорг йу цу тIехь. Амма, муха, маца уьш цига дIакхочур йу, хууш дац.
Семенов Василийс дийцарехь, товбеца-беттан 20-чохь дийца даьккхира, Димаьшкъана а, Израилна а йукъахь керла барт хилла аьлла.
– Тешна бу, аш-ШараIан ницкъаша провинци шен контроле оьцур йу, цара цигахь цхьа къепе а дIахIоттор йу, ткъа меттигера йоллу тобанаша шайгара герз охьадуьллур ду, пачхьалкхан армин структурех дIауьйр бу уьш аьлла. Бакъдерг аьлча, со цунах тешаш вац.
Израилан Iедалхойш шаьш а чот йоьхна хьийза тахана
Израилан Iедалхойш шаьш а чот йоьхна хьийза тахана. Израилхойн премьер-министро Нетаньяху Биньямина уггар а хьалха дан дезарг – Эс-Сувайдера тIамна йукъа ца гIортар, Израилца йолу йукъаметтигаш ша тойийр йу аьлла, аш-ШараIа Ахьмада йинчу чIагIонах тешаш. Оцу кепана тIетов, ала догIу, Вашингтон а, президентан Трамп Дональдан администраци а. ШолгIа кеп йу – шайн ма-хуьллу шемахойн друзаш Iалашбан арабовлар. Стен гIо дийр ду, луларчу Иракъехь санна Шемана федерализаци йеш? Аьлча а, меттигера герзашца болу гIаттамхойх регионийн автономин Ӏедалш а кхуллуш, Димашкъехь йуккъера Ӏедал гӀелдан.
Нагахь санна, аш-ШараIан ницкъ чӀагӀлахь, даима а аш-ШараIна тӀехьа лаьтташ йолу, Израилца мостагӀалла алсамдолуш йолу Туркойчоьнан форпост йан тарло цо Шемах. ШолгIа вариантехьа болх беш го Нетаньяхуна израилхойн друзийн йукъаралло Iаткъам бар а. Израилерчу друзаша хӀинцале а дIакъвола долийна Израилера некъаш, нагахь санна, Нетаньяхус вукху агIор болчу шайн вежаршна маслаIат деш гIо ца дахь, шаьш бунт гIаттор йу бохуш, кхерамаш туьйсу цара.
Доккха хаттар хилла дуьсу, ларор дуй-те аш-ШараIан эскарш йуха а Эс-Сувайде чу дахка а, бедуийнин бекхамех друзаш кIелхьара баха а – йа шаьш йуха а буьйлалур бу-те бедуинашца цхьаьна арсаш хьекха. Бакъдерг аьлча, хIинца хаамаш кхача буьйлабелла, Димаьшкъана муьтIахь долу Iедалхойн эскарша йоллу Шемахь дIакъовлуш ду Эс-Сувайда провинце дуьгу некъаш. Шеман кхечу провинцешкара герзах боьттина цига леста бедуинаш совцон хьийза уьш. Амма цхьа бакъду – гергарчу хенахь цигахь дуккха а цIий Iенар хилар", - тешна ву Семенов Василий.