ТӀаьххьарчу шерашкахь уггаре а йоккха инвестицийн проект кхайкхийра Нохчийчохь — китайхойн компанеша дакъа а лоцуш, азотан удобренеш йеш йолу завод. Амма, хьалха арахьарчу инвесторшца цхьаьнаболхбаран зеделларг а, таханлера экономикан хьал а тидаме эцча, хеттарш кхоллало, оццул амбициозе план кхочушъйалург хиларх.
2025-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Нохчийчоьнан индустрин министро Хучиев Темирлана хаам бира Китайхь уггаре а йаккхийчех йолчу инженерин компанех цхьаъ йолчу Wuhuan фирмо махкахь 200 миллиард сом мах болу азотан комплекс йан тарло аьлла. Химин а, кӀоран а, мехкадаьттан а, газан а индустрин объекташ йечу проекташкахь дакъалоцш йу и компани. Китайхошца цу проектах лаьцна дийцарш ден масех шо а дара, ткъа и кхочушйан кхайкхийна харж шо хьалха шозза лахара йара.
Хинйолчу заводо дӀалаца йеза 42 гектар сов майда. Оццул йоккха гIишло хьалайан лаххара а пхи шо оьшур ду, цу тIе йан йолор йу боху иза а 2030-чу шарахь. Комплес йинчул тIахьа 1700 гергга тонн аммиак а, 300 тонн карбамид а даккха таро хир йу боху 24 сахьтехь. Шарахь хуьлу и миллион тонн азотан удобрени, 600 гергга керла белхан меттигаш а хуьлуьйтур йу боху цо.
Экономикана инвестицеш йарца доьзна хаттар Ӏаламат коьрта ду Нохчийчоьнна, цуьнан бюджет доккхачу декъанна дотацешца йуьсуш йу. Республикин куьйгалла хаддаза гӀерта керла инвесторш тӀеберзо: Оьрсийчуьра а, дозанал арахьара а. "Эксперт Юг" зорбанан гӀирсо бинчу талламца а догIуш, 2025-чу шарахь регионехь инвестицин проектийн терахь дикка лахделла.
Дош даларх – инвестицеш йийр йу бохург ма дац
Китайхойн Нохчийчоьнца йолу интерес йолайелира 2011-чу шарахь, цу хенахь, "Великий Шелковый путь" программа кхочушъйаран гурашкахь, Соьлж-ГӀалахь дуьненаюкъара йохк-эцаран а, логистикан а терминал схьайелла лерина йара. Китайн пачхьалкхан инвестицин "Го Ту Гусы" корпорацин векалша дийцина дара иза а. Амма керла терминал йеллар дийцаршкахь дисира.
2014-чу шарахь Китайн инвесторша ахча диллира Нохчийчохь дуга а, хасстоьмаш а кхиорна а, ткъа иштта Шелковскан кӀоштахь эко-йурт ярна а. Йуьхьанца инвестицийн барам гергарчу хьесапехь 165 миллион сом бара. Проект кхочушйира, амма болх бан йолайеллачул тIаьхьа чолхаллаш Iиттайелира.
Китайхойн бизнес йеххачу заманчохь а, леррина а хьоьжу регионе йа поекте, шаьш ахча йукъа диллале
2018-чу шарахь йерриг а республикехь жигара хабарш даьржира, китайхоша кхиош йолу йерриг а сурсаташ химин хӀуманашца бехйина йу бохуш. И хаамаш оццул шуьйра баьржина хиларна, Ӏедалхой декхаре хилира цуьнан терго йан а, дӀахьедан а, таллам бечу хенахь хасстоьмашкахь а, стоьмашкахь а цхьа а кхераме хӀума хааделла дац аьлла. 2022-чу шарахь заводехь бригадир болх беш хилла, Каргалинская станицехь вехаш хилла Китайн вахархо къола а дина, вийра.
2015-чу шарахь Китайн Yema Group корпораци дагахь йара Нохчийчохь шарахь 200 эзар кубометр дечиг доккху завод йан. Цунах лаьцна дӀакхайкхийнра цу кепара "Фагус" завод болх бан йолаелла ши шо даьлча – Китайн инвестицийн гӀоьнца "дечиг кечдаран индустри денъйан" планаш деккъа дийцарш хилла йуха а дисира.
2017 шарахь ОАО "Чеченнефтехимпромо" а, Китайн "SPTSA" компанино а (China Petroleum Technology Service Alliance) барт бира лаьттан бухара геологин таллам бан а, Нохчийчохь мехкадаьттан а, газан а меттигаш кхиорехь а йехачу хенахь цхьаьнаболхбан. Сил эвсара бинчу бертан жамIаш дуьйцуш дацара.
2017-2018-чу шерашкахь Корейн "Koкам" фирмо (китайхойн "Шелковый путь" клмпанино дакъа а лоцуш) хьалхарчу муьрехь 567,5 миллион сом мах болу батарейш йеш йолу завод йолийра Нохчийчохь. Китайн капитало дакъа а лоцуш, Нохчийчохь кхочушъйина шолгӀа проект хилира иза.
Китай санначу пачхьалкхана Нохчийчоь жима меттиг бу йохка-эцар лело. Къаьстина ловзархо санна царна интересе йац республика.
2021-чу шарахь Санкт-Петербургехь дуьненаюкъарчу экономикан форумехь Нохчийчоьнан Ӏедало а, Китайн Poly Chanda Group пачхьалкхан корпорацин Оьрсийчоьнан векало а цхьаьнаболхбаран меморандумна куьйгаш йаздира. Мехкан лаьмнашкарчу меттигашкахь – Итон-Кхелан а, Шуьйтан а кIошташкахь, къаьсттина Итон-Кхелара Устраде боьдучу новкъахь, машенийн некъаш тодан а, дахка а Iалашо йара церан. ГIишлошйаран чулацаме хьаьжча гуш дара китайхойн цIархазмана бен цу йукъахь боцийла.
2022-чу шарахь Санкт-Петербургехь дIайаьхьначу дуьненаюкъарчу экономикан форумехь барт хилира Китайн компаница шина шарахь дийнахь 300 тонн ницкъ болуш флоат-ангали дан завод йан. Оцу проектах хилларг а, хууш дац.
Европерчу а, кхечу дуьненан а пачхьалкхаша Украинехьа йолчу коалицина дуьхьал дуккха а санкцеш кхайкхийначу йуккъехула, 2022-чу шарахь Нохчийчоьнан Ӏедалша дагахь а доцуш дийца долийра Соьлжа-ГIалара Китай кеманаш лелар ду аьлла. ХIора шарахь бохург санна, цунах лаьцна дӀакхайкхош ду Соьлжа-ГIалин аэропортан куьйгалло, амма тахана а цигара дIа Киатй гIаьттина цхьа а кема дац.
Политикан хьал цхьатерра ду ала хьийза?
Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал тӀом болийначул тӀаьхьа Малхбузено санкцеш кхайкхийначу заманчохь Китайн компанеш йисина Оьрсийчоьнан рынкехь жигарала латточу кӀеззигчу компанешна йукъахь, амма Китайн бизнесан цхьа нюанс йу: цара тIекхетта ца до шаьш дийриг.
"Уьш йеххачу заманчохь, дукха лерина хьуьйсу цхьана регионе, йа проекте, шаьш ахча йукъадахийтале. Ткъа нагахь санна и проекташ Оьрсийчоьнан Ӏедало гӀо дарца йоьзна йацахь, цара шайн белхан накъостий "кхуьйсу". Китайн системина дуьхьал долийначу гӀуллакхехь толам баккха шансаш йан а йац", - бохуш, дуьйцу къамелхочо.
Ахчанан барамехь аьлча, Китайн капитало дакъа а лоцуш, Нохчийчохь кхочушйина ши проект йу – Шелковскан кӀоштахь теплицийн комплекс а, корейхошца батарейкаш арахоьцуш йукъара проект а. Уьш а кхин маьӀне йац, билгалдоккху талламан журналиста, коррупцица къийсам латточу эксперто Шуманов Ильяс редакцица динчу къамелехь.
"Нохчийчоь, Китай санна йолчу пачхьалкхана, йохка-эцар лело жима меттиг йу. Царна республика шакъаьстина ловзархо санна хьашт йац, хӀунда аьлча, кхузахь пайда бийца йиш йац жимачу Къилбаседа Кавказан республикан гурашкахь бен. ШолгӀа делахь, нагахь санна вай иза Оьрсийчоьнан Федерацин кхечу регионашца йустахь, масала, Подмосковьеца, йа Оьрсийчоьнан коьртачу декъаца, цигахь, Нохчийчоьнах къастийна аьлча, логистикан зIенаш тов, ткъа цигахь инвестицийн бизнес а ларйойла ду", - бохуш, кхетадо цо.
Ша Нохчийчу инвестицеш йар бахьана долуш масех маьӀне проблема хIутту Китайн корпорацешна: республикехь кхерамзаллица йоьзна йолчу объективе проблемаш тIера дуьйна Малхбузерчу пачхьалкхаша шолгӀа а санкцеш тоха кхерам хиларе кхаччалц, бохуш дуьйцу эксперто кхидӀа а.
Массо а меморандумашна а, берташна а тӀехьа лаьтта республикан политикан куьйгаллин стабилалла дIагайта лаар. Амма ур-атталла 2030-гӀа шарахь завод йан куьйгаш йаздина хилар тидаме эцча а, проект кхочушъяран билггалчу муьрех лаьцна хууш хӀумма а дац. "Оцу хенахь оьшуш хир йуй-те и? Пхи шо далале хӀуъа а хила йиш йу", - хеттаршка вуьйлу Шуманов.
• Къилбаседа Кавказан республикаш уггаре а вочу могӀаршкахь йара социалан-экономикан кхиар 2024-чу шарахь теллича. ГӀалгӀайчоь а нисйелира хьалхарчу кхаа "антилидерийн" могӀарехь - уггаре а лакхара хила тарлучу бӀе баллах 18,7 балл кхаьчнера цунна.
• Къилбаседа Кавказерчу пхеа республико дӀакъевлина Оьрсийчоьнан регионийн рейтинг доьзалан хьал-бахам зийначул тIаьхьа. ТӀаьххьара кхо меттиг шуьйрачу барамца дӀалоцу Нохчийчоьно а, ГӀалгӀайчоьно а, ГӀебарта-Балкхаройчоьно а. Доьзалехь оьшург эцна, Iедална дала дезарг дIаделлачул тIаьхьа цу тайпачу регионашкахь болх беш долу дай-наной а, шишша бер долу доьзал а карахь хIума а доцуш буьсу.